КАДЫРОВ РАМЗАНА ХАИЙТИНА НОХЧИЙЧОХЬ СУРСАТАШ ЦА ТОЬАШ ХИР ДУ БОХУШ ДУЬЙЦУРГ БАКЪ ЦАХИЛАР


Нохчийчохь кхачанан сурсаташ цатоар хир ду аьлла интернетехь баржош болу хаамаш харц хиларан хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

«Интернетан тайп-тайпанчу майданашкахь цхьаболчу наха Нохчийн Республикехь кхачанан сурсаташ ца тоьуш хир ду бохуш хаамаш баржабо. Иза цхьамма даржош ду, иза бакъ дац.

Делан къинхетамца, вайн республикехь тоъал сурсаташ долуш ду. Йерриге а предприятеш а, фермерийн бахамаш а, сурсатех гӀуллакхдаран организацеш а шайн рожехь болх беш йу», – йаздина Кадыров Рамзана.

 

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, хӀинцале а 120 эзар гектар латтанаш тӀера ялтанаш чудерзийна хилар. Гектара тӀера 30 центнер а йолуш, 369 эзар тонн ялта даьлла. Иза дӀадаханчу шеран хӀокху хенахь хиллачул а алсам ду. Ткъа кху шарахь схьагулдан леринарг 500 эзар тонн сов ду.

«Цундела, доттагӀий, бакъболчу хаамехь бен ма теша. Ма хила харц хаамаш баржоран дакъалацархой. Бахархошна йукъахь сагатдар даржо гӀертар чекхдер дац», – аьлла Кадыров Рамзана.