Соьлжа-ГӀалин лоьмар 7 йолчу ишколин химин хьехархочо Эдельханова Имана Йерригроссин «Классан тема!» серлонан проектан lV-чу муьрехь «Хьехархой» тобана йукъахь толам баьккхина. Цу хьокъехь хаам бина пачхьенан мэрехь.
«Россия» телеканалан эфирехь дӀайаьхьира проектан финал. Цигахь «Хьехархой» тоба къовсалуш йара «Седарчий» тобанца. 26:21 чот а йолуш толам баьккхира «Хьехархоша». Толамхойн тобана йукъахь Россин Федерацин тайп-тайпанчу регионашкара 7 хьехархо вара, царах цхьаъ йара Эдельханова Иман. Нохчийн Республикин хьалхара векал йу иза оцу проектан финале а кхаьчна толам баьккхина.
«Классан тема!» проект Россин Федерацин Президентан тӀедилларца Россин серлонан министерствос кхочушйеш йу. ХӀинца толамхойн аьтто бу ВГТРК-н федеральни каналехь авторийн программаш дӀайахьа.
