ХIорашеран гастрономин «Хонк-Фест» V-гӏа фестиваль дIахьур йу Веданахь чиллин беттан 14-чу дийнахь. Хӏокху шарахь иза лерина йу Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дӏакхайкхийначу Лаьмнийн кӏоштийн а, жима а, йуккъера а совдегаралла кхиоран а шарна.
Хьонках кхачанаш кечбаран ламасташ Ӏалашдаран а, чӀагӀдаран а, иштта, цунах кхачанаш кечбаран зеделларг дӀадовзийтаран а Ӏалашонца дӀахьош йу фестиваль. Цигахь иштта, дӏахьур бу хьонка цӏанбаран «Дика зуда» къовсам а.
Фестиваль вовшахтухуш йу Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствос а, Ведедан кӏоштан администрацис а.
