Кадыров Рамзан: «Дека сан аз» проект республикин культурин дахарехь уггаре а коьртачех цхьаъ йу»


Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан хилира «Дека сан аз» музыкин къовсаман репетицехь. Цу хьокхехь цо хаам бина социальни зӀенерчу шен агӀонехь.

Кадыров Рамзана тидам тӀебахийтира дуккха а шерашкахь и проект республикин культурин дахарехь коьртачех цхьаъ хилла лаьтташ хиларна.

«Оцу проекто керла таронаш ло вайн похӀмечу кегийрхошна. Цу тӀехь цхьа а шеко йоций кхийтира со таханлерчу репетицехь», – элира Нохчийчоьнан Мехк-Дас.

Кадыров Рамзана билгалдаькхира Ӏ. Шахбулатовн цӀарах йолчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь болх лаккхарчу тӀегӀанехь дӀахьош хилар.

«Гуш ду, артисташа шайн вокалан декъехь къахьегна а ца Ӏаш, хелхар Ӏаморна а, номер хӀотторна а боккха тидам тӀебохуьйтуш хилар. Къона седарчий кечдарехь къахьоьгуш йу филармонин директор Муртазова Элина. Цунна хиира къоначаьрца болх дӀахӀоттон а, бан а», – йаздина республикин Мехк-Дас.