Кадыров Рамзан реза ву нр-н Мехк-Ден харжамашкахь дакъалаца, нагахь санна, путин владимира шен кандидатура къобалйахь
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан резахилла Нохчийн Республикин Мехк-Ден харжамашкахь дакъалаца, нагахь санна, Россин Федерацин Президента Путин Владимира шен кандидатура къобалйахь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
«Кхеташо дӀахьош Даудов Мохьмада Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин а, дерриге а нохчийн халкъан а цӀарах Нохчийн Республикин Мехк-Ден харжамашкахь дакъалоцун болу «Единая Россия» партин кандидаташ къасторан хьалххе дӀахьур болчу харжамашкахь дакъалацар дехна. Ас баркалла элира Хожахьмадан Мохьмадна а, сайн накъосташна а. Билгалдаьккхира, сайн кандидатура хьалхататта со реза хирг хилар, нагахь санна, къоман Баьччас иза къобалдахь», – аьлла Кадыров Рамзана.
