«ДАЙМЕХКАН АЗ» ПОЭЗИН СУЬЙРЕ ДІАЙАЬХЬНА СОЬЛЖА-ГІАЛАХЬ


Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан – НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран Дудаев Ахьмадан тӀедилларца Республикин «Даймохк» газето а, Республикин контент-туьшо а Нохчийчоьнан йаздархойн союзаца а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетаца а цхьаьна «Даймехкан Аз» поэзин суьйре дӀайаьхьна Соьлжа-ГӀаларчу «Грозный-Молл» туьшахь.

 

Оцу мехалчу суьйренехь дакъалецира республикин журналисташа а, йаздархоша а, ӏилманчаша а, студенташа а, пачхьенан бахархоша а, хьешаша а.

 

Гулбеллачаьрга маршалла а хоттуш, вистхиллачу «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а лерина тоьлла хьелаш кхоьллина хилар.

 

«Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана вайна тӀедиллина ма-хиллара, вайх хӀора а декхар ву ца хуучунна нохчийн мотт а, меттан йоза а Ӏамон, цул сов нохчийн маттахь ойла йан а. ХӀара цхьаьнакхетар хьалхара а йан тӀаьххьара а дац, Дала мукъ лахь, кхидӀа вайн гуо шор а луш, дӀахьур ду вай хӀара беркате гӀуллакх. Дала тӀаьхье беркате йойла вайн!», – аьлла Шамсудинов Бувайсара.

 

Гулбеллачара нохчийн маттахь йолу шайн а, вайн къоман бевзаш болчу поэтийн а байташ а йоьшуш дӀайаьхьира суьйре.