ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш йолчу подразделенешна лерринчу хьаштийн 45 техника йахьийтина


ТӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш йолчу подразделенешна лерринчу хьаштийн 45 техника йахьийтина. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

«Сан тӀедилларца шайна хьалхаваьлла директор Вайханов Байбетар а волуш, Путин Владимиран цӀарахчу Россин спецназан университетан делегаци хилира Белгородан областехь. Цигахь дӀадаьхьна бӀаьхошна гуманитарни гӀо дӀадалар», – йаздина Кадыров Рамзана.

 

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгал ма-даккхара, оцу гӀуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Мехк-Ден гӀоьнча, РФ-н оборонин министерствон «АХМАТ» спецназан буьйранча, РФ-н оборонин министерствон тӀеман-политикин коьртачу урхаллин хьаькаман заместитель Алаудинов Апти а, РФ-н оборонин министерствон «Запад-АХМАТ» батальонан буьйранча Агуев ИсмаьӀал а, Россин Минпромторган административни департаментан директоран заместитель Хакимов Адам а, Минпромторган радио электронни промышленностан департаментан директор Плясунов Юрий а, «Халкъан фронт. Дерриге а толамна» фондан йукъарчу гӀуллакхашкахула волчу кхочушдаран директоран заместитель Жаворонко Дмитрий а, кхиберш а.